Къамел хаза хьена ду АллахIе ( товхьийдаца ) кхайкхам биначул а, дика Iамал йиначул а, «баккъалла а, со бусулбанашха ву аьллачул а»?

 

 Коьрта агIо · Исламские программы ·  
Меню сайта
  Коьрта агIо
Къуръан
Видео
Аудио
Фильмы
ДоIанаш
Нашидаш
Хьехамаш
Программы
Жайнин цIа
Мультфильмы
Хьехаме дешнаш
Мини - чат

Наша кнопка
 
 
Счетчик

   


 Коьрта агIо

 

Адам

 

ДоIа

 

Скачать


 

 

ЛАРЛОЛАХЬ!!

  Кхечарна новкъарло а, халахетар а, цатам а беш долу цхьадолу х1умнаш Исламо вайна дихкина. Вайга царах ларлолаш аьлла т1едиллина юккъаралин уьйр-гергало 1алаш яр дуьхьа.  Оцу х1умнашха ду:

 

-Цхьаьнга ахь «Х1ай керста» алар: Цунаха ч1ог1а лардалар т1едиллина вайна Исламо. Пайхамара-1алайх1ис-салам-аьлла: «Муьлххачу цхьана къонахчо шен вешега «йа кафир-х1ай керста» алахь, цаьршиннах цхьаъ керста хила везаш хуьлу, цо ма-бохху и велахь. Вацахь (цунна и аьлла волу) х1ара хуьлу. (Цуьнгахь долучу Исламах х1окхо керстналла аларна).» (Муслим).

 

-1ехор (къаьсттина меха т1ехь): Пайхамар-1алайх1ис-салам-нах лебеш, 1ехош волчуха ц1анвелла д1аваьлла, иза бусулбанашха ца лерина цо. Цо-1алайх1ис-салам-аьлла:

«(Нах) 1ехош верг вайха вац». (Муслим).

 

-Бусулбанашна дуьхьал ваьлла т1ом бар: Пайхамара-1алайх1ис-салам-вайна лардалар т1едиллина бусулбанашца (царна дуьхьал) т1ом барха. И билгалдоккхуш ч1аг1 а дина. Пайхамара-1алайх1ис-салам-боху: «Вайна дуьхьал герз даьккхинарг вайха вац (шуна)».  ( Муслим).

 

-Юккъе мотт лелор: Пайхамара-1алайх1ис-салам-аьлла: «Юкъа мотт лебеш верг - наммам ялсмане г1ур вац». (Муслим).

Ан-намима-юкъа мотт лебар а, лелор а-иза нахана юккъахь церан къамел д1а-схьакхехьар ду, цара барт бохабар а, царна бохам бар а 1алашонца.

 

-Куралла: Пайхамара-1алайх1ис-салам-аьлла:

«Ялсамана г1ур вац шен дагчохь мискъала зарратал (мел жима, к1еззиг) куралла ерг». (Муслим).

 

-Шога хилар: Иза шайт1анан г1ирс бу адамаш къахко а, вовшех баха а. Цундела Аллах1а-беркате ву И-аьлла:

«Хьо к1оршаме, дог шога долуш (къинхетам боцуш) хиллехьара хьуна гонахара д1абевр бара уьш (хьо вуьссар вара хьо)». (Алу 1имран:159).

 

-Цавашар а, кхардар а: Вай дала-ц1ена ву И- дихкина вайна и вон г1иллакх, Цо аьлла:

«Х1ай ийман диллинарш, цхьа нах вукха нахах ма кхардалаш, уьш шул дика хила герга ду (шуна)». (Аль-хьужурат:11).

 

-Новкъа йог1ун (цатовн) ц1ераш тахкар: Цуьнгахь кхечера дегнашна човйар а, цера хьурмат (ларам) цадар а хиларна. Дала-сийлахь ву И-аьлла:

«Вовшийн цадашарна ц1ераш ма тахка. Цо шена а, кхечарна а деш дерг зулам ма ду». (Аль-хьужурат:11)

 

-Нахана т1аьхьа ваьлла сакхаташ лехьадар: Адамо дина диканаш х1аллак деш а, уьш лаьтта охьатуьйсуш а х1ума ду и. Т1аккха бусулбано йина дика 1амалш эрна, зен йов. Цхьана назманчо аьлла: Царна диканиг хаахь и хьулдо цара, вониг хаахь кхайкха до цара, цахаахь пуьташ (харц дерг) кхуллу цара.

 

-Нахана дуьхьал шина юьхьанца х1иттар: иза нахалахь уггар вониг ву, пайхамара-1алайх1ис-салам-цунах лаьцна ма-аллара:

«Нахалахь уггар вониг ши юьхь ерг карор ву шуна, х1окхарна цхьана юьхьца дуьхьал х1уттуш, вукхарна кхечу юьхьца». (Бухари, Муслим).

 

-Стагах ца тешар (тешам бар, вониг моттар): Оцу г1иллакхо адамашна юккъа цабезамаш а бохьу, царна юккъара безам талха а бо. Аллах1а- ц1ена ву И-аьлла:

«Х1ай ийман диллинарш, дукхах долчу моттарха ларлолаш, цхьадолу моттар къа ду (шуна)». (Аль-хьужурат: 12).

 

-Къайле йийцар (ларцаяр, кхайкхор): Ч1ог1а вон г1иллакхех ду иза, и бахьана долуш девнаш, цабезамаш хуьлу дела. Къонахчо шен къайле ларъян еза. Ша и лар цайина кхечо кхайкхича цхьа бехке ван цавеза. 1аса к1анта 1амрас-Аллах1 реза хилда цунна- аьлла:

«Къайле йийцина цхьа а бехке ца вина аса, цо и кхайкхорна. Аса и бехке муха вийр ву, суна и оьшуш хилла цахилча».

 

-Юкъахь дов латтор: Пайхамара-1алайх1ис-салам-боху: «Вовшен цадезаш а, хьаьг1наш еш а, баккъаш бетташ а, хедаш а ма хила. Аллах1ан лайш, вежарий хила». (Бухари, Муслим).

 

-Ша дина дика, саг1а, г1одар т1ехдеттар а, уьш хьехор а: Сий доцуш волчу стеган г1иллакх ду и. Дика динарг ша цхьа х1ума еллачуьнгара х1уммане хьожуш хила цавеза. Аллах1ера мел бу цо лаха безаш берг. Аллах1а сакхате лерина х1ара г1иллакх, Цо-беркате ву И-аьлла:

«Х1ай ийман диллинарш, шайн саг1анаш дохамаде т1ехдеттарца а (уьш хьехош), цатам барца а». (Аль-бакъара:264).

 

-Делла дош ларцадар: Иза мунепикъийн билгало ю. Пайхамара-1алайх1ис-салам-гуттар ч1ог1а лардалар т1едиллина вайна цунах. Цо-1алайх1ис-салам-аьлла: «Мунепикъа кхоъ билгало ю: къамел деш пуьташ (аьшпаш) боттар, шех тешча ямартло яр, ша дош делча ларцадар». (Бухари, Муслим).

 

Уьш доцурш кхи а ду вон г1иллакхаш а, амалш а, масала: ца хууш стаг галваьлча я цуьнгара ца хууш г1алат даьлча и бехкевар, цуьнгара жоп дехар. Бехказло къобал цаяр. Сонтачу нахах тера лелар (соперничать). Дукха забарш яр. Тайпанах даззалаш дар. Дена-нанна муьт1ахь воцуш дуьхьал валар, вон хилар. Шен зудчуьнца г1иллакхе цахилар, цуьнан хьакъош ларцадар. Адамаш гулделлачу меттигийн, къамелан г1иллакхаш тидаме ца ларар, уьш тергон цадар. Белхалошца уьйр цахилар, уьш сийдоцуш лахара хетар, иштта кхи д1а а.

 


Сайташ
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 

Хьадис
 
«Бусулба стаг бусулбана ваша ву. Цо цунна зулам дийр дац, цунна кхераме дерг хуьлуьйтур дац. Шен вешин хьаште хьожуш волчуьна хьаште хьожуш Аллах1 ву. Бусулба неха цхьа г1айг1а (сингаттам) д1абаьккхинчунна, къемата дийнан г1айг1анашха цхьа г1айг1а Аллах1а цуьнах д1айоккхур ю. Бусулба хьулвинарг (цуьнан сакхат кхайкха цадеш), къемата дийнахь Аллах1а иза хьулвийр ву». (Бухари, Муслим).



© 2008 www.islamanserlo.net При копировании, ссылка на Исламан-серло обязательна   E-mail: islamanserlo@gmail.com