

Лараме ешархой! ХIокху жайнин цIе «Сан
Дела АллахI ву»
ю. ХIокху
жайно чулаьцна бусалба адамна хаар уггаре хьалхара а, коьрта а долу хIума – АллахI вовзар, АллахIца гIиллакхе хилар. Иштта чулаьцна адам даима ша тIетевжачуьнга а, болх тIебуьллучуьнга
а хьашт хилар. ХIора адамна Iедалан ницкъ оьшуш хилар а - шен сийлахьчу
дахарна, кхерамазаллина, деган паргIатонна юкъара а болуш, цунна дехнарг луш, и
кхоьручу хIуманах ларвеш болу. Цхьацца масале дийцарш а ду кхузахь: «Хин кема»,
«Бешан да» цIераш йолу. ХIокху жайно йовзуьйту АллахIан тIех хаза цIераш,
довзуьйту Цуьнан исбаьхьа куьцаш, билгалдоккху Дела къинхетаме хилар.
Гочдинарг:
Ирезин Халид
САН ДЕЛА АЛЛАХI ВУ
Стаг
даима хьашт ву ша тIетевжачуьнга, тIе болх буьллучуьнга.. боккха, Iедале ницкъ оьшу цунна шена сийлахь вахарна, кхерамазаллийна,
дега паргIатонна юкъара болуш.. ницкъ, цунна дехнарг луш, и кхоьручу
хIумнах ларвеш, ницкъ, цуьна лаамаш кхочуш беш, цунна цуьна
са а, дегI а лардеш.
ХIара боккха ницкъ-иза тешар ду массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш
Дела хиларха. Иза АллахI-ЦIена а, Лекха а ву. Цо-Лекха ву И-аьлла: "Баккъалла а, шун Дела АллахI ву, ялх дийнахь стигланаш а,
латта а кхоьллина волу. Цул тIаьхьа Иза Iарша тIехь дIанисвелла ( шеца там
ма-ббу ). Буьйсане де ( боданца ) дIакъовлуьйту Цо, цунна тIаьххье чехка
схьайогIу и. Малх, бут седарчий ( кхоьллинарг ву И ) цуьна омранна муьтIахь
долуш. ЛадогIалаш, кхоллар, омру Цунна ду. Iаламин да волу АллахI сийлахь - беркате
ву″. «Аль-аIраф: 54 аят».
АллахI-Лекха ву И-цхьаъ хиларха тешар - иза хьалхара рукна
( коьрте меже ) ю Исламан пхе меженах ( арканех ).
АллахIа-Лекха ву И-вайга дина омра ду Ша кхоьллинчу хIумнашкахь ойла ярца. И сийлахь-воккха хиларан билгало
гойтуш йолчу - ЦIена а, Лекха а ву И.. ТIаккха хIара стигал, цу чохь долу
дуьненаш, седарчий, уьш лела некъаш, седарчий гулделла меттигаш.. хIара латта,
цу чохь долу хьайбанаш, ораматаш, хазнаш.. хIара хIоьрднаш, цу чохь долу
инзаре, тамашийна хIумнаш, уьш дерриге АллахIан-Лекха ву И-цецвокхчу билгалонех
ду.
АллахI - Лекха ву И-хиларан билгалонах хаьттина цхьана акха
Iарбочуьнга ( бедуине ), цо аьлла: Хино Iам буй хоуьйту, когийн ларо цигахула цхьаъ вахар хоуьйту..
тIаккха дуьненаш, седарчий чохь долчу стиглано, даккхий,
шуьйра некъаш чохь долчу латтано, яккхий толгIенаш
чохь йолчу хIоьрднаша ца гойту массо хIуманна
тIехь ницкъ кхочуш, массо хIума
хууш, собаре волуш, уьш кхоьллинарг хилар? АллахI шеца там боцчу массо хIумнах
цIена ву ( СубхьаналлахI ). Сан дела шеца хила там боцчу массо хIумнах цIена ву
( Субхьана рабби )!!
АЛЛАХIЦА ГIИЛЛАКХЕ ХИЛАР
Бусулбано АллахIаца-Лекха
ву И-тIелаьцна гIиллакх леладо. Цо
бохучунна муьтIахь хуьлу. ХIокху
гIиллакхех ду:
АллахI-Лекха ву И-везар ду: Бусулбанна АллахI-Лекха ву И-веза, Цунна и муьтIахь хуьлу Iибадат дарца. Вайна
АллахIа хаийтина муьъма стаг АллахI-Лекха
ву И-везаш хирг хилар. Цо-Лекха ву И-аьлла: "Муьъма
нехан АллахI везар чIогIа ду″. «Аль-бакъара:
165 аят».
АллахI-Лекха ву И-дагахь латтавар ду: бусулбанна АллахI виц цало къайлах а, гучах а. Цунна хаъа АллахIана-ТаIала-цхьа хIума къайлах доций. Иза, тIаккха,
хууш ву цуьна массо хIума а. Цо-ТаIала-аьлла: "Шу мичхьа хилчи
а Иза шоьца ву, Аша дийриг АллахI гуш ву″. «Аль-хьадид:
4 аят».
АллахIах-ТаIала-кхерар
ду: Иза массо хIумана корта бу. Цуьнца бусулба АллахI реза хиларе кхочу. Цо-ТаIала-аьлла:
"АллахIах кхоьруш верг, Цо цунна цуьна балхах
аьтто бийр бу″. «Ат-тIалакъ: 4 аят».
АллахIана-ТаIала-муьтIахь хилар ду: Бусулбано АллахIа омра динарг кхочуш до, АллахIа дихканчух гена волу, цуьнгахь ойла цахьийзош. Цо-ТаIала-аьлла:
"Муьъма нехан дош хилла, АллахIана а, цуьна
элчанна а уьш тIекхайкхича, царна юкъахь цуьнга хьукма дойта, тхуна хаза а
хези, тхо муьтIахь а ду алар″. «Ан-нур: 51 аят».
Iибадатехь
даггара хилар ду: Бусулбано дуьззина до ша деш долу Iибадат. Цо-ТаIала - аьлла:
"Аша диканиг дича АллахI и хууш ву″. «Аль-бакъара:
197 аят» Пайхамара - IалайхIис-салам-аьлла: "Ихьсан
бохург ахьа АллахIана Iибадат дар ду и хьуна гуш волуш санна. Хьуна И гуш
вацахь а Цунна хьо гуш ву″. «Аль-бухарий, Муслим».
АллахIах тешар, Цунна тIе
болх биллар ду: Иза ийман баккъалла хиларан билгало ю. Цо-ТаIала-аьлла: "АллахIана тIе болх биллинарг - Иза цунна кхачаме ву″. «Ат-тIалакъ: 3 аят».
АллахIе-ТаIала-верзар, Цуьнгара
гIо лахар ду: АллахI-ТаIала-уггар дика накъост а, гIоьнчи
а ву. Цо-ТаIала-аьлла: "Гатвеллачунна
жоп луш верг мила ву, иза Цуьнга кхайкхича, вониг дIадоккхуш верг а?″ «Ан-намл:
62 аят». Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: "Ахьа
дехахь АллахIе дехалахь,
ахьа гIо лахахь АллахIера лахалахь″. «Ат-тирмизий».
АллахIана-ТаIала-Цуьна ниIматашна шукру дар ду: Бусулба стага АллахIана шукру до Цуьна дагарлун доцчу ниIматашна. Стага шен Далла шукру моссуз ди дукха ниIматаш ло Цо цунна. Цо-ТаIала-аьлла:
"Шун Дала дIакхайкхийна аша нагахь санна шукру дахь шу
сов дохур ма-ду аса. Баккъалла а, сан Iазап чIогIа ма-ду, аша нагахь санна
керстаналла дахь″.
«ИбрахIим: 7 аят».
АллахIан новкъа ( Цуьна дин бахьна долуш ) цхьа хIума цакхоор ду: Бусулбано цхьа хIума ца кхоа до АллахI
реза
хилар лоьхуш. Цо-ТаIала-аьлла: "Баккъалла а,
АллахIа муьъманашкара эцна цера синош а, цера даьхнеш а дуьхьал ялсамане луш″.
«Ат-тавба: 111 аят».
АллахIе тоба дар ду: Муьъма стаг шен Далла Iеса хилча оцу Iасаллеха
вухавоьрзу и, АллахIе тоба до цо. Дала-ТаIала-аьлла:
"Массара АллахIе тоба де, хIай муьъманаш, декъал
хир ду шу″. «Ан-нур: 31 аят». Пайхамара-IалайхIис-салам - аьлла: "АллахIе тоба де, хIай нах, аса, баккъалла а, Цуьнга
дийнахь-буса боьIазза тоба до ( шуна )″. «Муслим».
ХИНА
КЕМАНАН ДИЙЦАР
Цхьана
дийнахь бусулбанийн цхьа халиф волче веара Делах цатешаш волу стаг. ЧIогIа ша - шех тешна
волуш цо элира цуьнга: Суна цхьа цакарво Дела хиларха со тешо, шун мел воккхачу Iилманчийца къовсар дара аса, со цул тоьларг хиларха тешна
ву со .
Халиф
кIеззиг сецна Iийна
ша - шега элира: Аса и ве аьлча наха эр ду-кх цунна дуьхьал даккха хIума ца хили тхан. Цул тIаьхьа
шен везир схьа кхойкхина цуьнга омра дира цо имам Абу-хьанифат Ан-нуIман схьа кхайкха аьлла.
Дукха
хан цаелира Абу-хьанифат веана чукхача, тIаккха
цунна дIахаийтира халифа Делах цатешачуьна ( мулхьидан ) болх.
Цо цуьнга дийхира цуьнца къамел дар а, иза АллахI-ТаIала-хиларха тешор а.
Абу-Хьанифата
элира: Аса цунна чIагIдеш хоуьйтур ду АллахI
хилар,
амма аса хьоьга пурба доьху цаторуш болу цхьа болх чекхбаккха луларчу юьртахь, цул
тIаахьа сиха схьавогIур
ву со. Цунна пурба делира халифа дIаваха .
Хан
дIаяхара, Абу-Ханифат дукха тIаьхьа
висира. Мулхьид дазалла, куралла гучуяха волавелира. Халифе элира цо: Суна
дIаваха пурба ло, Абу-Хьанифат ведда, со тешо ша гIорасиз волун дела .
Мулхьид
дIаваха наьIарехьа вола валарца чувеара Абу-хьанифат, ша тIаьхьа висарна
бехказа волуш. Цо хаийтира царна ша вогIучу некъахь доккха хи карийна хилар.
Кема ца хиларна охьахиира иза кема даре хьоьжуш. Хьоьжуш Iар дахделира.
ЦIехьхьана Абу-Ханифатана инзаре, тамашийна болх гира.. гуллуш дечигаш гира
цунна. Дечигашна тIедогIаделла лаьтташ хьостамий дара. Мичара ели ца хууш цхьа
жIов гучуяьлла хьостамий дIадетта йолаелира. Лерина, дика дина хина кема дIахIоттина
гира цунна шена хьалха. ТIаккха цунна тIехиъна схьавеара ша. Мулхьид цо и
дийцича вела волавелира, цо элира: Хьераваьллачо бен дийр дац хIара къамел.
Цхьаммо я бакъдийр дац и. ХIаваэхь тIема муха довлу хьостамий, аннаш хи тIехь
гуллуш, царех тIаккха кема хуьлуш, цхьаммо дина доцуш.?
Кхузахь
велакъежира Абу-хьанифат, цо элира: Жима кема хилар, динарг цхьа воцуш,
хьекъало бакъдеш цахилча, ткъа бакъдийр дуй хьекъало хIара дерриге дуьне, шена
чохь мел долчу лаьттаца, маьлхаца, баттаца ша-шех хилла бохург, цхьана ницIкъ
болчу кхуллачо кхоьллина доцуш?
Дан
хIума доцуш висира мульхьид, цул тIаьхьа элира цо: Бакълуьй хьо, хIокху
дуьненан кхоьллинарг ца хилча йиш яц. И ву и ( дуьне ) кхоьллинарг, низамехь и
дIахIоттийнарг.. Иза сан Дела ву!
САН ДЕЛАН ХАЗА ЦIЕРАШ
АллахIан элчано-IалайхIис-салам-аьлла. "АллахIан езткъай ткъайасна цIе ю, баьIа ю уьш цхьаъ тIеоьшуш. Цхьаммо уьш дагахь
Iамор яц иза ялсамана
вахана бен″.
«Аль-бухарий, Муслим».
АллахIан хаза цIераш
хIорш ю:
1.
АллахI الله-: Далла шенна бен тилла ца мегаш цуьна цIе ю и (вай долахь цIе
олуш йолу). И цIе хьахийча
(яьккхича) хьекъал Цунна тIе бен
цадоьрзу-Сийлахь, цIена ву И.
2.
Ар-Рахьман
الرحمن-:
Юкъара къинхетам дукха берг ву И. Цундела Цо къинхетам бо муьъманах а,
керстанах а. АллахIана-ТаIала-шенна бен цамегаш куц ду и. (АллахIана бен и куц дало мегар дац).
3.
Ар-Рахьим
الرحيم-:
Кьинхетам дукха болуш верг ву И. АллахIа хIара куц Мухьаммадана-IлайхIис-салам-далийна КъорIана
тIехь. Иза АллахIа
эхартахь къаьссттина муьъмачу нахах къенхетам бийриг хилар хоуьтуш Цуьна цIе ю.
4.
Ал-Малик الملك-: Шен паччахьаллехь шена луург дийриг ву
И.
5.
Ал-Къуддус
القدوس-:
Сакхатех, эшамех (кхачамбацаршха) цIанвинарг ву И.
6.
Ас-Салам
السلام-: Шен
халкъана машар, тешам, деган паргIато, бехке цавар
луш верг ву И.
7.
Ал-Муъмин
المؤمن-:
Шен халкъана ша ваIада (дош делла)
йина мел а, Iазап а (таIзар)
бакъдийриг,кхочуш дийриг ву И.
8.
Ал-МухIаймин
المهيمن-:
Куьгалла дерриге шен карахь дерг ву И.
9.
Ал-Iазиз
العزيز-:
Ницкъ болуш верг, тоьлларг ву И. Массо хIума
Цунна муьтIахь ду.
10.
Ал-Джаббар
الجبار-:
Шен омранаш чекхдохуш, кхочуш деш верг ву И.
11.
Ал-Мутакаббир: المتكبر-
Сийлахь-воккха хиларан куц Шена бен
доцуш верг ву И- СубхьанахI.
12.
Ал-Халикъ
الخالق-: Махлукъаташ
(кхоьллина хIуманаш) хилийтинарг, уьш кхоьллинарг ву И.
13.
Ал-Бариъ
البارئ-:
Махлукъаташ кхоьллинарг ву И , цера бух боцуш.
14.
Ал-Мусоввир
المصور-:
Ша кхуллучу массо хIуманна и кхечух
къастош сурт луш верг ву И.
15.
Ал-ГIаффар
الغـفار-:
Гечдар дукха долуш верг ву И.
16.
Ал-КъаххIар
القهار-:
Массо хIума шен паччахьаллийна , ницкъана кIел далийнарг ву И.
17.
Ал-ВаххIаб الوهاب-: Шен лайшна совгIаташ,
ниIматаш цакхоош луш верг ву И.
18.
Ар-Раззакъالرزاق- : Халкъашна массарна рицкъа луш верг ву
И.
19.
Ал-Фаттахь
الفـتاح-:
Хьукма деш верг (Куьгалла дийриг) ву И.
20.
Ал-Iалим
العليم-: Шена
цхьа хIума къайла доцуш, массо хIума
хууш верг ву И.
21.
Ал-Къабид
القابض-:
Шен лайшха шена луъчунна рицIкъа гаттдеш верг
ву И.
22.
Ал-БаситI الباسط-: Шена луъчунна рицIкъана шорто еш верг ву И.
23.
Ал-Хафид
الخافض-:
Къинхетам боцу, зулме нуьцIкъа дай охьатаIош, уьш сийсаз беш верг ву И.
24.
Ар-РафиI الرافع-
: Муьъманашха
хьалаваккхарна хьакъ верг хьалаойъуш верг ву И.
25.
Ал-МуIизз المعز-: Сийлалла шен лайшха шена луъчунна луш
верг ву И.
26.
Ал-Музилл المذل-: Сийсазалла шена луъчунна хуьлуьйтуш
верг ву И.
27.
Ас-СамиI السميع-: Хезаш мел йолчу хIумнах кхуьуш верг ву И.
28.
Ал-Басир
البصير-:
Гуш мел йолчу хIумнах кхуьуш
верг ву И.
29.
Ал-Хьакам الحكم-: Лайшна йукъахь хьукма деш верг ву И.
30.
Ал-Iадл العدل-: Юьззина нийсо еш верг ву И.
31.
Ал-ЛатIиф
اللطيف-:
Шен лайшха къахеташ верг ву И.
32.
Ал-Хабир
الخبير-:
Мел кIеззиг долу (жима долу) хIумнаш
хууш верг ву И.
33.
Ал-Хьалим
الحليم-: ТаIзар да сихлуш воцург (собре верг) ву И.
34.
Ал-Iазим
العظيم-:
Сийлахь-воккха хиларан даржашха уггар лакхара куц шегахь долуш верг ву И.
35.
Ал-ГIафур
الغفور-:
Лайн къиношна къинтIийра волуш верг
ву И.
36.
Аш-Шакур
الشكور-:
Муьъманашна бекхам (мел) совбоккхуш верг ву И.
37.
Ал-Iалий العلى-: Ша хесточул сийлахь а, лекха а ву И -
СубхьанахI.
38.
Ал-Кабир
الكبير-:
Хьекъалш а, хIума хаадаларан меженаш а шех кхиа ницIкъ боцуш верг ву И.
39.
Ал-Хьафиз
الحفيظ-:
Шех цхьа хIума къайла ца дериг ву И.
40.
Ал-Мукъит
المقيت-:
Хууш верг ву И.
41.
Ал-Хьасиб
الحسيب-:
Шен лайшна оьшучунна кхачо еш верг ву И.
42.
Ал-Джалил
الجليل-:
Сийлахь - воккха верг ву И.
43.
Ал-Карим
الكريم-:
Дика дукха долуш верг. Ша луш долу хIума цакхачош
верг ву И.
44.
Ар-Ракъиб
الرقيب-:
Шех цхьа хIума къайла цадолуш верг ву И.
45.
Ал-Муджиб
المجيب-:
Шега доIа динчунна жоп луш верг ву И.
46.
Ал-ВасиI الواسع-: Шен массо халкъана рицIкъа тоьаш верг ву И.
47.
Ал-Хьаким
الحكيم-: Куьгалла деш верг. Ша
деш долу массо хIума нийса долуш
верг ву И.
48.
Ал-Вадуд
الودود-: Шен лайшна дика лууш верг, царна
дика болх беш верг ву И.
49.
Ал-Маджид
المجيد-: Сийлаллехь, воккхаллехь, хастамехь чаккхенга кхаьчнарг ву И.
50.
Ал-БаIис الباعث-: Халкъ деллачул тIаьхьа
ден дийриг ву И.
51.
Аш-ШахIид الشهيد-: Шена хаарха цхьа хIума
къайла ца дериг ву И.
52.
Ал-Хьаккъ الحق-: Ша хилар а, Iибадатана хьакъ
волуш Дела хилар а чIагIделла сецна верг ву И.
53.
Ал-Вакил
الـوكـيــل-: Лайн рицкъанашна юкъара верг ву И.
54.
Ал-Къавий
الـقـوى-: Буьззина болчу нуьцкъана да верг ву И.
55.
Ал-Матин
المــتــيــن-: Онда, ницкъ болуш верг, хало шех цакхуьуш верг ву И.
56.
Ал-Валий-الولي
: ГIодеш верг ву И.
57.
Ал-Хьамид
الــحــمــيــد-: Массо хьолехь хастаме верг ву И, хаставарна хьакъ верг ву И.
58.
Ал-Мухьси
الـمــحــصـى-: Шен хаарха цхьа хIума
къайла доцург ву И.
59.
Ал-Мубдиъ
الـمــبــدىء-: Доцчуьра хIумнаш
кхоьллинарг ву И.
60.
Ал-МуIид
الــمــعــيــد-: ДIаевллачул тIеьхьа хIумнаш юха
кхуллуш верг ву И.
61.
Ал-Мухьйи
الــمـحـيى-: Массо дийна долчу хIумангахь
дахар кхоьллинарг ву И.
62.
Ал-Мумит
الـمــمــيــت-: Садолчу хIумнашкара дахар
дIахьуш верг ву И.
63.
Ал-Хьайй
الــحــى- : Даим дийна вераг ву И, тIаккха цуьна дахаран чаккхе яц.
64.
Ал-Къаййум
الــقــيــوم-: Шен халкъан балхе хьожуш, и дIанисбеш верг ву И, уьш кхуллуш, царна рицкъа луш
верг ву И.
65.
Ал-Ваджид
الواجــد-: ЦIкъа а къелур
воцуш хьалдолуш верг ву И.
66.
Ал-Маджид
الــماجــد-: Ша Сийлахь - Воккха
хиларна шен халкъо хестош верг ву И.
67.
Ал-Вахьид
الــواحــد-: Iибадатана хьакъ волуш Дела хилар шенна долуш верг ву
И, И бен кхин Дела вац.
68.
Ас-Самад
الــصــمــد-: Шена адамаш муьтIахь
долуш волу Эла ву И.
69.
Ал-Къадир-
الــقــادر: Ницкъ болуш верг ву И.
70.
Ал-мукътадир- الــمــقــتــدر
: Ницкъ болуш верг
ву И.
71.
Ал-Мукъаддим-الــمــقـدم
: Хьалха татта
хьакъ верг хьалхавоккхуш верг ву И.
72.
Ал-Муаххир
المــؤخــر-: ТIаьхьа татта
хьакъ верг тIаьхьавуьтуш верг ву И.
73.
Ал-Аввал الأول-: Шел хьалхара цхьа хIума доцуш верг ву И.
74.
Ал-Ахир
الآخــر-: Шел тIаьхьа цхьа хIума доцуш верг ву И.
75.
Аз-ЗахIир
الــظــاهــر-: Шена тIоьхула цхьа хIума доцуш верг ву И.
76.
Ал-БатIин الباطن-: Ма-варра ша муха ву
цхьнне цахууш верг ву И.
77.
Ал-Вали
الــوالى-: Массо хIуманийн да, цараха дезар деш верг ву И.
78.
Ал-МутаIали
المــتعالى-: Моссо эшамах цIена
верг ву И.
79.
Ал-Барр
الــبر-: Дика дукха долуш верг, дика
болх боккха болуш верг ву И.
80.
Ат-Тавваб الــتواب- : Шен лайшкара тоба къобалдеш верг ву И.
81.
Ал-мунтакъим
المــنــتقــم-: ТаIзарна хьакъ
волчунна таIзар луш верг ву И.
82.
Ал-Iафувв
الــعــفــو-: Къиношна гечдеш, царна (уьш бахьанехь) таIзар цалуш верг ву И.
83.
Ар-Рауф
الــرؤوف-: Шен лайшха къинхетам беш царах къахеташ верг ву И.
84.
Маликул мулк
مــالك
الـملك-: Массо хIумана да верг ву
И.
85.
Зул-Джалали, вал икрам
ذوالجلال
والإكرام-:
Сийлахь-воккха хиларан а, кхоччуш
хиларан а куцош шегахь бен доцуш верг ву И.
86.
Ал-МукъситI الــمــقــســط-: Шен хьукманехь Iедале
верг ву И.
87.
Ал-ДжамиI
الــجــامع-: Къемата дийнахь халкъаш гулден дерг ву И.
88.
Ал-ГIанийй الغنى-: Цхьана хIумангахь цхьанге
хьашт воцург. Массо хIума шега хьашт
дерг ву И.
89.
Ал-МугIни
الـمغــنى-: Шен лайшха шена луург хьал долуш веш
верг ву И.
90.
Ал-МаниI الـمانـع-: ХIаллак
хиларан а, валаран а бахьнашха Iалаш вийриг ву
И.
91.
Ад-Дарр
الــضــار-: Шен мостагIашка таIзар доссош верг
ву И.
92.
Ан-НафиI الـــــنـــافــع-: Шен дика
массаьрга кхаьчнарг ву И.
93.
Ан-Нур
الـــــنــــــــور-: Нисвеш верг ву И.
94.
Ал-ХIади-
الهـادى:
Массо хьума цунна дика долчунна тIе нисдинарг,
цунна и гайтнарг ву И.
95.
Ал-БадиI الــــــبــــديع-: Кхоллар
долийнарг цхьаннах тардар доцуш ву И.
96.
Ал-Бакъи
الــبـاقـى-: Даим волуш верг ву И.
97.
Ал-варис
الـــوارث-: Массо хIумнаш
дIаевллачул тIаьхьа вуьсар
верг ву И.
98.
Ар-Рашид
الـــــــرشـــــيــد-: Халкъ царна маслахьате долчу хIумнашка нисдеш верг ву И.
99.
Ас-Сабур
الـــــصـــبــور-: Iесачу
нахаца собаре верг. Цаьргара чIир эца сих
цалуш верг ву И.
АЛЛАХIАН КУЦОШ
1-Волуш хилар: Дуьне а, Iалам а шен чохь мел долчу латтаца, стигланца, лаьмнашца, хишца, ялтийца, дитташца, адмца, хьайбанца, чохь садоцчу хIумнашца, уьш доцчаьрца.. массо гойтуш схьабохуш ду массо хIума нийса а, шен меттахь а, цхьаннах тарцадеш а шаьш кхоьллинарг волуш хилар. Дала-ТаIала-аьлла: "Ахь
ала АллахI массо хIума кхоьллинарг ву. Иза ша бен Дела воцург ву, шен
паччахьаллина, ницкъана кIел массо хIума далийнарг ву″. «Ар-РаIд: 16 аят».
2,3-Цулхьалха
хIума цахилар, даим Иза хирг хилар: АллахI хилла ву шеца цхьа хIума доцуш.
Лаьттахь, стигланашкахь мел верг дIавер ву, АллахI-СубхьанахI-ша вуьсур ву.
АллахIа-ТаIала-аьлла: "Иза шел хьалха цхьа хилла
воцуш хьалхара ву, шел тIаьхьа цхьа хир воцуш тIаьхьара ву, шена тIоьхула цхьа
хIума доцуш ву, ма-варра цхьаьнне ша мила ву цахуург ву. Иза массо хIума хууш
ву″. «Аль-Хьадид: 3 аят». Иштта Цо аьлла: "Массо хIума хIаллак ( лийр ) хирдолуш ду Цуьна юьхь йоцург.
Хьукма Цуьна ду. Цуьнга шу дерзор ду″. «Аль-Къасас: 88 аят».
4-АллахI Ша
кхоьллинчу хIумнех тера цахилар: Цундела АллахI-СубхьанахI-Шен дерриге
халкъах тера вац. Иза цIена ву да шена хиларха, доьзалехочуха, шех терниг
хиларха. Цо-ТаIала-аьлла: "Цунах тера цхьа хIума
дац. Иза хезаш а, гуш а ву″. «Аш-Шура: 11 аят ».
5-АллахI
хIумманга хьашт цахилар: АллахI цхьанге хьашт вац, массо халкъ цуьнга хьашт
ду. Дала-ТаIала-аьлла: "ХIай адамаш щу АллахIе хьашт ду, АллахI-Иза
цхьангера хIума цаоьшург а, хастаме верг а ву″. «ФатIир: 15 аят».
6-Цхьаъ ша
хилар: ТIаккха АллахI цхьаъ Дела ву, Цуьна накъост вац шен мулкехь,
паччахьаллехь. АллахI-ТаIала-аьлла: "АллахIан
доьзалхо вац, Цуьна цхьа Дела а хилла вац. Хиллехьара хIора Дала ша кхоьллинарг
шена дуьтур дара, вукхулла тола гIертар вара. АллахI цIена ву цара ( керстнаша
) хIитточу куьцех″. «Аль-Муъминун: 91 аят».
7-Ницкъ кхочуш
хилар: АллахI-СубхьанахI-массо хIуманна тIехь ницкъ кочуш ву, цхьана
хIумано гIорасиз веш вац И, Цуьна ницкъ доза доцуш хиларна.
АллахI-ТаIала-аьлла: "Баккъалла а, АллахI массо
хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву″. «Ан-Нур 45».
8-Лаам:
АллахIан лаам массо лаамал тIоьхула бу. Цундела, адмна цхьа хIума лиъча,
АллахIана и хIума хила лууш доцуш иза хир дац. АллахIа-ТаIала-аьлла: "Цхьа хIума Цунна лиъча Цуьна болх цуьнга алар ду, Хьо хила,
тIаккха и хуьлу″. «Йасин: 82».
9-Хууш хилар:
АллахIан Iилма ( хаар ) доккха ду. Иза-СубхьанахI-массо хIума хууш ву, массо
хIума Цуьна хаарна чудогIуш ду. АллахIа-ТаIала-аьлла: "Баккъалла а, АллахI массо хIума хууш ву″. «Аль-МуджадалахI:
7 аят».
10-Дийна
хиалар: АллахIан-ТаIала-куц ду дуьззина долу дахар Цуьна хилар дуьйцуш
кхузахь цул дуьззина дерг дан а доцуш. АллахIа-ТаIала-аьлла: "АллахI ша бен Дела воцург ву, даим дийна верг ву И, шен
халкъа болх дIанисбеш верг ву И. Йай наб ез наб кхеташ яц Цунна. Стигланашкахь
дерг а, лаьттахь дерг Цуьна ду″. «Аль-Бакъара: 255».
11,12-Хезаш гуш
хилар: АллахIан куц ду хезаш, гуш хилар. Иза-субхьанахI-массо хIума хезаш
ву, массо хIума гуш ву. Цунна цхьа хIума къайлах дац. Дала-ТаIала-аьлла: "Цо аьлла: шуьшиъ ма кхера, Со баккъалла а, шуьшинца ву шуна,
хезаш а, гуш а″. «ТIахIа: 46 аят».
13-АллахIа
къамел деш хилар: АллахIан-ТаIала-къамел ду, амма иза вай къамел доцург ду.
Дала-ТаIала-аьлла: "АллахIа Мусаца къамел дина″.
«Ан-Ниисаъ: 164 аят».
АллахIан
сибаташ ( куцош ) кхачалур долуш дац: Сийлахьчу КъорIано Делан дуккха куцош
дийцина, цундела АллахIан-СубхьанахI-кхачалун доцу сибаташ ду. Царна адамин
хьекъалш тIекхуьур дац. Вай И цIанво Цуьнца тамбоцчу хIумнех. И мел хасто веза
вайна хуур дац. Иза ЦIа ша-шен хаста маварра ву.
Бусулбано
АллахIан махлукъатин ( Цо кхоьллинчу хIуманин ) хьокъехь ойла йо Цуьна ницкъ
гойтуш йолчу, Цуьна-СубхьанахI-шен хьокъехь ойла йир яц цо. АллахI адамана
цамоьттарг волун дела. Дала-ТаIала-аьлла: "Цунах
тера цхьа хIума дац. Иза хезаш, гуш ву″. «Аш-шура: 11 аят».
КЪИНХЕТАМЕ
САН ДЕЛА
Весет:
Хьлха заманахь вехаш дукха къинош долуш цхьа стаг хилла. АллахIана-ТаIала-Iеса хилар дуьтуш цахилла цо.
ДIакхалха герга ваххалц оцу тIехь еххачу хенахь дIавахана и. Ша валле хIокху стага шен кIентий гулбина цаьрга весет
дина: ша велча шен дакъа дагаде аьлла. Цул тIаьхьа цунах чим бе, тIаккха хIара чим хIурдана тIоьхула дуккха меттигашкахь
хIаваъехь баржа бе. Цуьна
хичохь и башиттар а, толгIенашка дIасхьа бахьиттар а дуьхьа. ТIаккха цуьна лар
цаиисийта. Цул тIаьхьа цаьрга аьлла цо: Аса АллахIаха дуй буу, сан Делан суна
тIехьницкъ кхачахь ша цхьанне цадделла Iазап лур ма ду Цо суна.
ХIара
стаг велла, тIаккха цуьна кIенташа цуьна дакъа дагийна,
хьаккхийна чим бина цунах, цул тIаьхьа
хIара чим схьаэцна хIурда чу тесна цо ма-аллара.
ТIаккха АллахIа-ТаIала-лаьтте аьлла: Айхьа схьаэцнарг охьадилла.
Чиман буьртигаш, тIаккха, гулделла, хIара стаг АллахIана-ТаIала хьалха
дIахIоьттина.
ТIаккха цуьнга АллахIа хаьттина. Ша дика хууш воллушехьа,
кIенташка хIара весет даран бахьана хIун дара аьлла. ТIаккха оцу стага аьллера:
Сан Дела, Хьоьх кхоьруш динера аса и. И шех оццул чIогIа кхоьруш хиларна,
тIаккха, АллахIа гечдира цунна «Аль-Бухари, Муслим».
Совдегархо
а, цуьна декхарш а:
Гена заманахь вехаш цхьа совдегархо хилла. Кхечарна юхкуш а,
цаьргара оьцуш а хилла цо. Цхьана дийнахь хIара совдегархо велира. ТIаккха
малийкаша цуьна синна дуьхьал дахана схьаийцир и, цуьнга элира цара: Диканах
цхьа хIума диний ахь?
ТIаккха
Цо цаьрга элира: Декхарш тIехь
долчьргара уьш схьалахьо сайн хьадалчаш хьовсабора аса. Амма аса цаьрга весет
дора: шайна цхьаъ хала воллуш, декхар схьадала ницкъ кхочур боцуш карвахь, иза
цунна диталуш, цуьнгара хIумма схьа ма эцалуш. Со цаьрга олуш вара: цунна
деккхар диталуш, АллахIа вайна дуьтур дара шен декхар.
ТIаккха
цунна АллахIа гечдира, цунна къинтIийра велира, къечарна цо гечдеш
хилар бахьана долуш.
«Аль-Бухари ».
АллахIан сибат:
Вай
массара муьлхха цхьа хастаме болх болош "БисмиллахIир-рахьманир-рахьийм"
олу Вай и олу Сийлахь КъорIа деша долош а, хIума яа йолош а. "Раббил Iаламин" бохучул тIаьхьа
АллахIа ша вийцина вайна "Ар-рахьман, Ар-Рахьим"
ву ша аьлла. ТIаккха Цо-СубхьанахIу,
ва ТаIала-Шен сибаташкахь гулдина цхьана далийна Шех кхерар
а, Шега ойла, безам бахийтар а. Дала-ТаIала-
ма-аллара: "Сан лайшна дIахаийта, Со баккъалла а, гечдеш
верг а, къинхетамен верг а хилар. Сан Iазап а,
баккъалла а, лазош Iазап хилар″. «Аль-Хьиджр:
49-50 аят».
Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: "Муьъма стагана АллахIана гергахь долу таIзар хаахьара, Цуьна
Ялсаманега цхьаммо дог дохур дацара. Керста стагана АллахIана гергахь болу
къинхетам хаахьара Цуьна Ялсаманеха цхьаммо дог дуьллур дацара″.
«Муслим».
АЛЛАХI ХИЛАР
Хьехархочуьна хьекъал:
Цхьана
ишколехь АллахI-ТаIала-хиларха
цатешаш цхьа хьехархо хилла. Цхьана дийнахь хIара хьехархо классчу а веана
дешархошка аьлла: Со гуш вуй шуна?
Цара-ву-аьлла. Хьехархочо аьлла: Делахь со волуш ву-кх. ЦултIаьхьа аьлла цо
цаьрга: У ( фанер ) гой шуна? Го-аьлла цара. Цо аьлла: Делахь у долуш ду-кх?
Цул тIаьхьа хаьттина цо цаьрга: ГIанташ гой шуна? Го-аьлла цара. Цо аьлла:
Делахь гIанташ долуш ду-кх? Цул тIаьхьа аьлла цо цаьрга мекарлонца: АллахI гуш
вуй шуна? Вац-аьлла цара. Цо аьлла: ТIаккха АллахI мичахь ву вайна И гуш
цахилча? ТIаккха хьекъал долчу дешархошха цхьамма аьлла хьалагIеттина шен накъосташка:
Хьехархочуьна хьекъал гуш дуй шуна? Дац-аьлла цара. Цо аьлла? Делахь
хьехархочуьна хьекъал а доцуш ду-кх.
Ницкъ
болуш волу АллахI:
Цхьана
дийнахь Пайхамара-IалайхIис-салам-вийцина шен осхьабашна тIаьхьара текхаш
жоьжагIатара араверволу стаг. Цуьнга эр ду: Вай Ялсамана гIо тIаккха иза вахана
Ялсамана чукхочур ву. Цигахь Ялсаманан охIлу карор бу цунна шайн меттигаш
дIалецна бевлла. ТIаккха цуьнга эр ду: Хьайна хила луъчуьна цIеяккха. ТIаккха
цо шена хила луург эр ду. ТIаккха цуьнга эр ду: Хьуна хила луург ду хьан,
уьттаза цунна тIе сов ло хьуна. ТIаккха оцу лайно эр ду шен деле: Сан дела,
соьх цавешаш ву хьо, хьо-х Iаламин да ву?! Цул тIаьхьа Пайхамар
велавелира-IалайхIис-салам. ТIаккха цуьна асхьабаша элира цуьнга: АллахIан
элча, хьо стенах воьлу? Цо элира: "Iаламин да волу Дела велаваларха (
воьлу со ). Лайно аьлча хенахь: Соьх цавешаш ву хьо, хьоьх Iаламин да ву?!
ТIаккха цуьнга АллахI-ТаIала-эр ду: "Со хьоьх цавешаш вац, амма Со сайна
луург дан ницкъ болуш ву″. «Муслим».
БЕШАН ДА
ЦIера
йоккхачу бешахь хьоьжуш латтара де-да беш юьзначу дитташка, зезагашка. Цул тIаьхьа цуьна бIаьрг
сецира кемсин таьллангана тIаьхь. Цуьна кенаш
охьаохкаделла дара, кIеззиг дийнош бен
цаоьшуш маддала а, даа мегаш хилла дIахIитта а. Кенашка хьажна де-дас элира: Тхан Дела, АллахI, беркат делахь тхуна хIокхутаьлланган
тIийрачу стоьмашкахь.
Генара
де-дега хьоьжуш вара, цо деш долу доIа а хезаш, цуьна
кIентан кIант Басим. ТIаккха
и юкъах ваьккхира цо хаа гIоьртина хаттар деш: Сан де-да, доIа стенна до ахь?
Таьллинг юьзна маяьлла кенех, кIеззиг дийнош бен мацадисина угар чам болу
кемсаш вай яц?
Цунна
жоп делира де-дас: Цуьна къайле хаа лаьий хьуна?
-ЧIогIа
лаьа, сан де-да!
-Басим,
цуьна жоп хIара хаза дийцар ду хьуна..
Дийцаррий?!
элира Басима собар дайна. Дийцахь, сан де-да. Со чIогIа дийцарш дезаш ву.
Дедас
элира: Хьалха заманахь вехаш цхьа шиъ доттагI хилла, цаьршиннах цхьаъ чIогIа
хьал долуш хилла, важа чIогIа къе хилла.
Цхьана
дийнахь хьолада а, цуьна къе доттагI а хьоладен йоккхчу беша вахана, кемсин а,
хурманин а диттех юьзна йолчу. Цунна юккъехь АллахIа татол даийтанера. Хьолада
Iехавелира бешан йоккхаллех а, цуьна стоьмин дукхаллех а. Цо шен накъосте
элира: ХIокху бешан тоьмаш чекхдевр ду аьлла хеташ вац со. Цуьна Iехавалар кхин
а совделира. Цо чIагIдора ша велча а цуьна (бешан) диканех ша хадор вац бохуш.
ТIаккха
цуьна къечу доттагIчо хьехар дира цунна АллахIана шукру а де, Цо деллачу
ниIматашна куралла ма е аьлла, амма хьоладас лацадуьйгIира цуьна хьехаре.
Iуьйранна
хьалагIатина шен беша велир цуьна диканех, хазаллах пайда эцар дуьхьа,
амма цунна шега хьоьжуш къиза кхаъ карийра.
Беш
карийра цунна стоьмаш доцуш, гIаш охьа эгна, цуьна стоьмаш телхина дара,
диттийн гIаш охьа эгна дара. Шийла кхаъ боккха хиларна куьйгаш вовшех детта
волавелира и, шен къечу доттагIчуьнга ша аьллачунна дохко велира и, цо элира:
Сайн Делаца цхьа накъост ванза хилла велир со.
Иштта
хир ю хьуна, Басим, шена АллахIа деллачуха Iеха мел веллачуьна тIаьхьае, шен
далла тIе цатоьвжаш а, Цо деллачу рицкъанехь беркат дар цадоьхуш волчуьна чаккхе.
Басим:
АллахIана хастам бу-кх цуьна ниIматашна.. Йа АллахI, тхуна беркат делахь ахьа
деллачу рицкъанехь!
ТАЙП-ТАЙПАНА ХIУМНАШ
Хьаькъаш:
Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла Джабал
кIанте МуIазе-АллахI реза хилда цунна: "АллахIан хьакъ лайшна тIехь
хIун ду хаъий хьуна"? Цо элира:
АллахI, Цуьна элча ву дика хууш. ТIаккха
Пайхамара-IалайхIис-салам-элира:
"АллахIана Iибадат дар ду, цуьнца цхьа хIума накъост ца хIоттош". Цул тIаьхьа элира цо-IалайхIис-салам-МуIазе: "Цара и дича цера хьакъ хIун ду хаьий хьуна цунна тIехь"? МуIаза элира: АллахIана,
Цуьна элчанна дика хаьа. ТIаккха цо-IалайхIис-салам-элира цуьнга:
"Цо царна Iазап цадалар ду″. «Муслим».
Везаран
бекхам:
Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: Баккъалла
а АллахIа-ТаIала-боху: "Суна лай муьтIахь ца хилла Суна дукха дезачу хIуманца Аса цунна тIедиллина долчулла. Суннаташца
Суна муьтIахь лаьттар ву Сан лай Суна
ша веззалла. ТIаккха Суна и везча цуьна хезаш
долу хазар хилла дIахIуттур ву Со цунна, цунна гуш
долу сагар хилла а, цо шеца хIума
схьалоцуш долу цуьна куьг хилла а, шеца и волалуш болу цуьна ког хилла а, Аса дуй
буу, нагахь санна цо Соьга дехахь цунна лур ма ду Аса, цо Соьга ларвар дехахь и
лар а вийр ма ву аса″.
«Аль-Бухарий».
Сан
Далла безарш:
АллахIан элчано-IалайхIис-салам-аьлла: АллахIа-ТаIала-аьлла: "Сан дуьхьа
вовшин безначарна Суна безар ваджиб хилла. Сан дуьхьа вовшашца гергарло, уьйр лелийнарш
суна безар ваджиб хилла. Сан дуьхьа вовшашна хьехарш динарш суна безар ваджиб хилла.
Сан дуьхьа вовшашна зиярате ихнарш суна безар ваджиб хилла. Сан дуьхьа вовшашна
хIума цакхоийнарш суна безар
ваджиб хилла. Сан дуьхьа вовшин безнарш нуьре мимбаршна тIехь хир бу. Цера меттиг бахьана
долуш царах хьоьгуш Пайхамарш, сиддикъаш, гIазоташ хир бу″. «Ахьмад».
Тобанан
эмир:
Пайхамара-IалайхIис-салам-шен асхьабех
цхьа-берш хьовсийнера тIема гIуллакхана. Царах цхьаъ цера эмир хIоттийра цо. ХIара
эмир царна хьалха хIуттий имам волуш
ламаз деш вара. Шен ламаехь "Къул хIуваллахIу ахьад" дешара цо хIора
ракъIатехь "Фатихьат" а, цул тIахьа айаташ дешначул тIаьхьа.
Шаьш Мадийната бухабирзича (цIаьбаьхкича) иза Пайхамарна-IалайхIис-салам дийцира
цара. ТIаккха цаьрга цо-IалайхIис-салам-элира: "Цуьнга хаттийша хIунда деш хилла цо и?.